Зудчуна дозалла – Баснукаева Луиза Исламан университетан хьехархо
Дуьххьара Ислам дино айина зудчун сий, дина цуьнан пусар. Нагахь санна бакъдолчу динна, ийманна ганайолчу пачхьалкхашкахь зударша шайн бакъонаш ларъеш къийсам латто безаш хиллехь, Аллах1а Шен Сийлахьчу Къуръана чохь гайтина бусулба зудчуьнга болу ларам. Бусулба динехь зудчун йолу ерриг бакъонаш евза Россин Исламан университетан хьехархочунна Баснукаева Луизина. Зударийн Де - х1ора шарахь тов-бецан баттахь кхоолг1ачу к1ирандийнахь билгалдоккхуш деза де ду. И билгалдаккха лерина, ткъайоьссналг1ачу б1ешарахь Кавказехь хиллачу т1амехь мостаг1чун караяхана, шайн сий ца дайа еллачу шовзткъе ялх йоь1ан ларам бина. Эзар барх1 б1е ткъайоьссналг1ачу шеран тов-бецан баттахь инарла Ермоловс ягийра Дади-юрт, ткъа йийсаре ялийна шовзткъе ялх йо1 Теркал дехьайоккхуш, мостаг1чун карабахана сий ца дайа, шайца паччахьан салтий хьош, хи чу лилхира. Вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн зудчун Де даздийр ду аьлла билгалдаьккхира ши эзар уьссалг1ачу шарахь. Цо дийцарехь, нохчийн зудчун Де кхечу дезачу денойх цхьаъ хила деза. ________________ Передача посвящённая ко Дню Чеченской Женщины. Автор: Милана Дацаева. #ДеньЧеченскойЖенщины #Нохчийнчоь #Нохчий #Бусулба #Ислам #70летАхматХаджи #ТРКПуть